Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский социально-правовой колледж"

Нохчийн меттан де

25.04.2026

Тахана вай билгалдоккхуш ду къоман уггаре а коьртачух долу даздар - Нохчийн меттан де!

Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тидам т1ебохуьйтура Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Махкахь чолхе зама йолчу хенахь цо уггаре а хьалха ардаьккхинчех дара нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар кхайкхош долу указ, вайн махкахь нохчийн маттахь журналаш, газеташ арадийлита, теле-, радиопередачаш хилийта дукха къахьийгира цо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ д1ахьош республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана а мотт кхиийта мел оьшу хьал а кхоьллина Нохчийчохь, цуьнан т1едожорца х1оттийна нохчийн мотт а, йоза а кхиорна программа ю. Шен мотт ца хууш долу къам кхане йоцуш ду.

Цундела вайн 1алашо йу, Даймахке а, матте а болу безам йозанехь гайтар. Дала вешан мотт кхио а, беза а хьуьнар лойла вайна! Декъалдойла вайн дерриге а къам Нохчийн меттан сийлахьчу денца!