Брейн-ринг «Суна дика нохчийн мотт хаьа»
24.04.20262026-чу шеран оханан беттан 23-чу дийнахь, Нохчийн меттан Денна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, Брейн-ринг «Суна дика нохчийн мотт хаьа» ловзар-къовсадалар д1адаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас
2026-чу шеран оханан беттан 23-чу дийнахь, Нохчийн меттан Денна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, Брейн-ринг «Суна дика нохчийн мотт хаьа» ловзар-къовсадалар д1адаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас.
Ловзар-къовсадалар д1адаьхьира Нохчийн меттан сийлалла, хазалла, ненан мотт хааран мехалалла йуьйцуш. Цхьаьнакхетаран 1алашо йара дешархошна Ненан мотт хазбар. Нохчийн хаза, оьзда г1иллакхаш, халкъан барта кхолларалла, истори хаар зер. Цигахь дакъалецира ЭБУ -925.1; ДОУ-925.1; ТД-923; УПТ-925. группийн студенташа. Хьалхара меттиг йеккхира УПТ-925 группин дешархоша; шолг1а меттиг йеккхира ДОУ-925.1 группин дешархоша; кхоалг1а меттиг йеккхира ТД-925 группин дешархоша.
Ловзар, массо а декъашхойн самукъа а доккхуш, дIадаьхьира ловзар-къовсадалар. Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт - вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна йу. Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!