Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский социально-правовой колледж"

День Чеченского языка

25.04.2020

Хьомсара махкахой! Дуьненан къамнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду: уьйр, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам. Деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Нохчийн къам а, вайн мотт а 1алашбан шен коьрта 1алашо йолчу вайн Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Буьйраца д1акхайкхина оханан беттан 25-г1а де, нохчийн меттан де ду аьлла. Цундела вайн, массо а нохчочун, декхар ду: ненан мотт бийцар а, 1алашбар а!

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

Мамакаев М. А.